Нохчийн шо дакъошка муха декъало:
- 23-чу сентябрехь гуьйре юлу.
- 23-чу декабрехь 1а дулу.
- 17-чу январехь чилла юлу (1аьнан уггаре а шийла хан). Чиллан 40 де-буьйса ду.
- 25-чу февралехь чилла д1айолу.
- 1-чу мартехь «Бардал-1ажуз» юлу. Бардал-1ажуз бох1ург – къена шийло бохург ду. Цуьнан 9 де ду, цу иссанах кхоъ – б1аьстенан ду, кхоъ – аьхкенан ду, кхоъ гуьйренан ду.
Хьалхара кхо де йочуне хилча, б1аьсте йочуне хир ю. Шозлаг1а кхо де йочуне хилча, аьхке йочуне хир ю. Кхозлаг1а кхо де йочуне хилахь, гуьйре йочуне хира ю.
Иза хьалхалерачу баккхийчийн хьисаб ду.
23-чу мартехь, 1ай-б1аьсте къаьста, б1аьсте юлу (жайнин хьисабехь ду иза).
23-чу июнехь аьхке юлу. Аьхкенан юьккъера бут – аьхкенан чилла лору.
Иштта хийцалуш хьисабаш ду вайнехан шаранчохь.
Комментариев нет:
Отправить комментарий