вторник, 20 февраля 2024 г.

«ДАЙМОХК» ГАЗЕТАЦА ШАЙН ДАХАР ДОЬЗНАРШ

    ДIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь болх беш хиллачу журналисташна-ветеранашна дика дагавогIу хIетахь цига балха хIотта веана хилла жима стаг Эскерханов Хьабибулла.

Хьалхарчу муьрехь чIогIа эхь хеташ, ур-атталла балхахь шена хууш доцург накъосташка хатта а ца хIуттура иза. И эхь хетар белхан накъосташа сихха дIадаьккхира цуьнан, гIо дира шайга дIанисвала. Хьабибулла юьхьанца корректоран балха вахийтира. Газет даран къайленаш йовзарна а, журналистан корматалла кхачам боллуш караерзорна а дика таро ю редакцехь болх бар корректоран корматаллина тIера дIадолор.

Университетехь доьшуш волуш а, ткъа цул тIаьхьа школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш а, дика карабирзинера Хьабибуллина нохчийн мотт. Цундела цунна хIинца атта дара. Цуьнан хIинца таро яра шен меттан хаарех балхахь буьззина пайдаэца. Ала деза, Хьабибулла дукха хан ялале ша кхочушдеш долу гIуллакх дика карадирзина, шен декхаршца кхиамца ларош хилла хилар.

Коьртачу декъана газет гIалаташ доцуш арадалар корректоран балхах дозуш ма-ду. Цунах дика кхеташ вара Хьабибулла. Коьрта, жоьпаллин материалаш тIехь йолу газетан агIонаш ешар,